Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Галилай-махкахь Напталан гунаш тІехь йолу Кхедаш-гІала а, Эпрайман лам тІера Шехем-гІала а, ЯхІудан гунаш тІера Кхиръят-АрбаІ а (кхечу тайпана Хьеврон) дІакъастийра. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Цул тІаьхьа Сан цІе лелош долчу цІийнан керта тІе а догІий, Суна хьалха дІахІуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хІуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цІушна сагІина еана яа хІума а йоу, дегаза гІуллакхаш а леладо. Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогІур а бац хьуна». Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гІалин зуламаш а гучудовлу. ХІунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гІалин урамашкахь талораш деш. Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тІе динан дай а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цІе йолу нах а баьхкира.
Выбор основного перевода