Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хІума хьул ца ло. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». Везачу Эло иштта боху: «Сайх дІаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгІазалла царна тІера дІаяьлла дела. Даккхийде шу а, Цийонан кІентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дІаделира шуна догІа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тІаьхьа хуьлу а догІа. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Ткъа ЛаІзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Іийсас оцу Ша волчу меттехь. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула.
Выбор основного перевода