Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дІахІоттахь а, Іуьйранна самукъадалар хуьлу. Дукха а, луьра а халонаш гойтура Ахь суна, амма юха а со денвийр ву Ахь, лаьттан кийрара гІаттор ву. ТІаккха шуна гонах дисинчу къаьмнашна хуур ду, Веза Эла волчу Ас йохийна йолу гІаланаш юхаметтахІиттийна хилар а, яьссачу меттигашна тІехь юха ялта дІадийна хилар а. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса“. Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
Выбор основного перевода