Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхІазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхІ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дІа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь. «Оцу деношкахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхІудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. Цара Цийон-ломана тІе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агІор дІа а хьоьжуш, уьш цига гІур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара. ХІунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхІудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дІагІур ву, Аса уьш Сайца дІахьур бу. Цхьаммо а кІелхьарбохур бац уьш. Шамран-гІалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу».
Выбор основного перевода