Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, Ярушалайман халкъе дІахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогІу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тІаьхьахІоьттина догІура яьссачу аренгахула – тІе хІу тасаза долчу лаьтта тІехула. Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гІалин зуламаш а гучудовлу. ХІунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гІалин урамашкахь талораш деш. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а. Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац.
Выбор основного перевода