Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Шен доттагІашна тІера Аюба доІа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттийча, тхо гІенах лелаш санна дара. ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». И мохк ЯхІудан цІийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гІалин цІеношкахь сарахь садоІуш Іийр бу уьш, хІунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахІоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела.
Выбор основного перевода