Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. Соьгара болу хаам цІе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
Выбор основного перевода