Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цунна тІехьа Малки-ЯхІус Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цІенна тІе кхаччалц долу дакъа тодира. И цІа Мипкхад цІе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дІа цо иштта пенан маьІІехь йолчу чоьнна тІе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхІу ша дашо пхьар вара. Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьІІехь йолчу чоьнна тІера дуьйна УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц болу пен юхаметтахІоттийра. Илланчийн шолгІа тоба, аьрру агІор а йирзина дІаяхара. Уьш пенна тІехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгІачу тобанца царна тІаьхьа воьдуш вара. Пешийн бІаьвнах тІех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тІе кхаччалц дІадахара.
Выбор основного перевода