Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІехьовсучара эскаре иштта дІахьедан деза: „Керла цІа дІа а хІоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цІа юхаверза. Иза тІамехь вен тарло, тІаккха цуьнан цІа кхечу стага къобалдийр ду. Цунна уллохь Забайн кІанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьІиг тІера коьрта динан да волчу Элишубан цІенна тІе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо. Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьІІехь йолчу чоьнна тІера дуьйна УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц болу пен юхаметтахІоттийра. Санбулатана а, ТІуби-ЯхІуна а, Іаьрбихо волчу ГІишамана а, иштта кхечу тхан мостагІашна а дІахиира, тхан мостагІашна а дІахиира, оха, гІалин пен юхаметтахІоттинийла а, пенах даьхначу Іуьргех дІадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хІинца а кевнаш чу йогІу неІарш дІа ца хІиттийнера. ГІалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неІарш дІахІиттийна евлча, гІалин кевнашкара гІаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гІуллакхашна къобалбира. ЮшаІ ЯхІу-Якхаман да хилла, ЯхІу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхІу-ЯдаІан да хилла. Цул тІаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧІерийн кевнах а тІехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бІаьвнах, Меа олучу бІаьвнах а тІехбевлира уьш. УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц дІа а бахана, ГІаролан кевнна уллохь севцира уьш. Амма и хІума хилале тхан Делан цІийнан чІоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТІуби-ЯхІун захалойх стаг вара), Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТІуби-ЯхІуна Делан цІийнан кертахь йолу цхьа чоь дІаеллера! ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира. «ТІейогІуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахІоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гІала юхаметтахІоттор ю Хьананиалан бІаьвнна тІера дуьйна Сонерчу кевнна тІекхаччалц. Къилбаседехьа йолчу ГибаІ-гІалара Ярушалаймана къилбехьа йолчу Римун-гІалина тІекхаччалц дерриг а латта Іариба-тогІи санна хир ду. Ярушалайм-гІала шен лекхачу меттехь кхидІа а лаьттар ю. Иза хир ю Бен-Яманан кевнна тІера дуьххьарлерчу кевнан меттехь долчу Сонерачу кевнна тІекхаччалц а, Хьананиал-бІаьвнна тІера паччахьан муттдоккхургана тІекхаччалц а. Ярушалаймехь УьстагІийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Іам бу. Цунах Іебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Іомана гонах лаьтташ бІогІамийн пхи могІа бара, тІехула тиллина тхов а болуш.
Выбор основного перевода