Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. Цул тІаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Іома тІе а вахара. Амма со цига улло тІевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла. Уьш Шовданан ков долчу агІор дІабирзира. Даудан гІалин ламеш тІехула уьш пенан лакхенна тІе хьалабевлира. Даудан цІенна тІехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агІор, дІабахара. Цул тІаьхьа бІаьрзечуьнга элира Іийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тІаккха бІаьрса а гуш, иза цІа вирзира.
Выбор основного перевода