Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара. Иштта Іупал-гу болчу пенна тІехь а дуккха а кхиболу чІагІдаран белхаш байтира цо. Цул тІаьхьа Маннаша Даудан гІалин арахула болу пен юхаметтахІоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Іинан тІехула ЧІерийн ков олучу меттехула а, Іупал-гІалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахІоттийра цо гІалин пен. ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу массо а гІаланашкахь тІеман коьрта хьаькамаш дІахІиттийра цо. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Іупалахь бехаш хилла. Царна тІехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГІишпа а хилла. Уьш Шовданан ков долчу агІор дІабирзира. Даудан гІалин ламеш тІехула уьш пенан лакхенна тІе хьалабевлира. Даудан цІенна тІехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агІор, дІабахара.
Выбор основного перевода