15
Кала-Хьозин кІанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицІпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тІехь тхов бира цо. Иштта, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо. И хІума ша дина ваьллачул тІаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Іомана уллохь болу гІалин пен тобира, Даудан гІалара охьавогІучохь долу тІегІанашна тІе кхаччалц.