Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиІазаре а, Ариале а, ШамІа-ЯхІуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхІуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Іелам нах болчу ЯхІу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира. ДоьалгІачу дийнахь оха, Делан цІа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегІаш а динан да волчу УръяхІун кІанте Мармутига дІаелира. Мармутица Пайнехьасан кІант ЭлиІазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаІан кІант Юзабди а, Бинуйн кІант НуІад-ЯхІу а вара. Къоцин кІентан УръяхІун кІант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цІа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цІийнан маьІигна тІе кхаччалц йолу меттиг яра. Цунна тІехьа Шалам-ЯхІун кІант Хьанан-ЯхІу а, Хьанунин йолхалгІа волу кІант Цалпи а важа дакъа тодеш вара. Царна тІехьа Берех-ЯхІун кІант Машулим шен цІенна дуьххьал долу пенан дакъа тодеш вара.
Выбор основного перевода