Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогІин кевнна тІехь а, АгІонна тІехь долчу кевнна тІехула а бІаьвнаш яйтира Іузи-ЯхІус. ТІаккха и бІаьвнаш чІагІъяйтира цо. Иштта, буьйсанна со ТогІин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дІа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дІавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цІарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.
Выбор основного перевода