Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Хьузакх-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Іомах а, цо лаьтта кІелхула гІали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дІаяздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кІант волчу Рапи-ЯхІус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза. Царна уллохь долу дакъа тодира ХІалухьешан кІанта Шалума, цуьнан йоІарша гІо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза. Цунна тІехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кІентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара. Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхІу вара. Иза КъаІилан ахдекъана тІехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза. Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.
Выбор основного перевода