Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. Аса цу нахе дІадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а. ТІаккха цу наха элира: «Вай болх дІаболо беза!» Иштта цара и хьанал болх дІаболийра. Сайн ваша Хьанани а, гІопан хьаькам волу Хьанан-ЯхІу а ас къобалвира Ярушалаймана тІехь урхалла дан. Хьанан-ЯхІу ас хаьржинера, хІунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела.
Выбор основного перевода