Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таІийна, Бат-ШабаІа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!» Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна». Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Ткъа паччахьан нана, паччахьан а, цуьнан уллорчу куьйгалхойн а къамелаш шена хазар бахьана долуш, чуеара. Къамел долош, цо элира: «Паччахь, вехийла хьо даим! Хьан ойланаша ма хьийзавойла хьо, юьхьсибат ма хийцалойла хьан!
Выбор основного перевода