Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дикка хан яьллачул тІаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гІалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхІун кІант волчу Іазар-ЯхІун кІентан Сари-ЯхІун кІант волу Іезар. ХІара дешнаш Хьахли-ЯхІун кІант волчу Нахьми-ЯхІун ду: Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гІалин гІопахь нисвеллера. Ва Хьалдолу Эла, Хьан цІеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доІанашка дикка ладогІахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш». Со паччахьан чагІардуттург вара. Кхин цхьа хІума а ду: со ЯхІуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхІуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгІачу шарна тІера ткъе шуьйтталгІачу шарна тІе кхаччалц.
Выбор основного перевода