Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дІадоьхки, цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци. Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву. Сайн оьгІазаллехь а, дераллехь а хьуна тІехь, кхел а йина, таІзар дича, хьох эхье хІума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дІахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.
Выбор основного перевода