Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма тхан дайша стигалара Дела оьгІазвахийтира. ТІаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дІабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цІа доха а дина, халкъ Бавеле дІадигира. И хІума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доІанаш дора аса. ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гІала юхаметтахІоттор дІадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Іамал ян а бакъо яц шун!» Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хІаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доІанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гІенан къайле шайна йовзийтар доьхуш.
Выбор основного перевода