Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». ТогІин ков тодеш вара Хьануни цІе йолу стаг а, иштта Занухь-гІалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тІекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара. Цунна тІехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кІентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара. Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхІу вара. Иза КъаІилан ахдекъана тІехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза.
Выбор основного перевода