Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а, Іаьрбихо волу ГІишам а, шайна и хІума дІахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХІун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гІерташ ду?» Санбулатана а, ТІуби-ЯхІуна а, Іаьрбихо волчу ГІишамана а, иштта кхечу тхан мостагІашна а дІахиира, тхан мостагІашна а дІахиира, оха, гІалин пен юхаметтахІоттинийла а, пенах даьхначу Іуьргех дІадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хІинца а кевнаш чу йогІу неІарш дІа ца хІиттийнера. Амма и хІума хилале тхан Делан цІийнан чІоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТІуби-ЯхІун захалойх стаг вара), ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира.
Выбор основного перевода