Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо. Денош тІедогІур ду, – боху сан Хьалдолчу Эло, – Ас лаьтта тІехь мацалла хуьлуьйтур йолу. Иза бепиг доцу мацалла а хир яц, хи доцу хьогалла а хир яц. Иза Везачу Элан дош хазаре сатуьйсу хьогалла хир ю. Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кІохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таІзар ден долу де тІекхочуш лаьтта. ХІинца уьш боьхна хьийзар бу. Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дІакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду. И де тІекхаьчча, шена сурт хІоттийна хІорра а харцпайхамар Делан цІарах хаам бан хІуттур вац. Нах лебархьама, пайхамарийн духар шайна тІедухур дац харцпайхамарша цкъачунна.
Выбор основного перевода