Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ Цара, шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора. Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара, Хьалдолчу Элана со дІахезар вацара. ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кІелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гІуллакхийн тІаьхьенаш бахьана долуш а. Иштта хилира: „Ас кхойкхуш цара ла ца догІаре терра, цара кхойкхуш Аса а ла ца дугІура“, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода