Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Іаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тІеман бІаьвнаш дІа а хІиттийна, мехкан гІепаш йоха а йина, царах харцораш йинера. Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кІелхьардахалур ду моьтту те шуна? Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“. Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагІарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хІокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву. УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан.
Выбор основного перевода