Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гІигІ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хІаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхІарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Іаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. «Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагІа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тІамера юхабоьрзучу, машаре шайна тІехбовлучу нехан тІехулара а, чухулара а бедарш схьайоху. Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.
Выбор основного перевода