Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“. «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. Цуьнан баьччанаш – цунна юккъехь гІигІ деш долу лоьмаш санна бу. Цуьнан кхелахой – сарахь арайовлу берзалой санна бу, цхьа а даьІахк сахуьлунга ца йолуьйтуш йолу.
Выбор основного перевода