Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. ТІаьхьарчу деношкахь иштта хир ду: Везачу Элан цІийнан лам массо а лаьмнийн коьрте дІахІоттор бу. Иза массо а баьрзнел лакхабер бу, ткъа цунна тІе халкъаш оьхур ду. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду.
Выбор основного перевода