Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Сан хьехамна а, тоьшаллина а догІучуьнга бен ла ма догІа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догІу – церан Делан нур дац! Стигала а, лаьтта а хьовсур бу уьш, бала а, бода а гур бу царна, буькъачу бодане кхиссина хир бу уьш. Амма хІинца ша чІагІбеллачу меттехь гуттар а хир бац бода. Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац. Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кІелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху сан Хьалдолчу Эло – дийнан делкъехь Ас малх дІахьулбийр бу, сирла де юккъе дахча, лаьтта тІе бода боссор бу.
Выбор основного перевода