Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Аша шаьш езачу гІалех схьадевлла а, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цІа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’ Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“». Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. Мехкан пайхамарш вочу пена тІехь кир тухуш санна лела, хІунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хІумма а ца дийцинехь а. ЧагІар мелла бевлча, нахаца леларна тІе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чІогІа ма деза. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.
Выбор основного перевода