Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Суна иштта хиира, левихошна дІадала дезаш долу дакъош дІалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Іамал ечу хенахь гІуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера. Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. Цул тІаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгІа дакъа Делан цІийнан чІоьнаш чу схьадеара.
Выбор основного перевода