Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». Царах схьабевлларш къаьмнашна юкъахь бевзаш хир бу, ткъа церан тІаьхье халкъашна юкъахь евзаш хир ю. Уьш мел гуш болчарна хуур ду, Везачу Эло декъалдина халкъ иза дуйла». Кхин эр дац хьох «Йитинарг», я хьан лаьттах кхин эр дац «ДІатесна дерг». Хьан цІе хир ю «Дала цунах зовкх хьоьгу», ткъа хьан лаьттах «Долахь дерг» эр ду, Везачу Эло хьох зовкх хьоьгур долу дела, хьан лаьттан Цо дола дийр долу дела. Хьуна гІело мел йиначарна таІзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагІа леларш кІелхьарбохур бу, дІасабаржийнарш тІегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гІарабохур бу уьш сийсазбохучу хІокху дерриге а лаьтта тІехь.
Выбор основного перевода