Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо. Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю. ЦІергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тІе Сайн дералла йоссийнарг“». И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Выбор основного перевода