Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода