Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. ТІаккха паччахьо шен куьг тІетовжош волчу тІеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!» ТІаккха ЦІадукъин тІаьхьенах волчу коьртачу динан дас Іазар-ЯхІус жоп делира: «Везачу Элан цІа долчу тхайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хІума а йоу, кхин дуккха а хІума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хІума а дисина». ТІаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неІарш дІайиллира, Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хІунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг. Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан. ТІаккха хьан кІа чохь латтош долу цІа тІех дуьзна хир ду, ткъа керла чагІар пхьегІийн йистошкахула тІехъоьхуш хир ду. Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан.
Выбор основного перевода