Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Іамал ян? ХІун пайда болу доІанца Цунна тІе верзарх?“ Ас сайн дагахь элира: «ТІаккха аса сайн дог цІандар а, сайн куьг цІена леладар а эрна хилла те? Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хІунда ца го иза? Тхо кІезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хІунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тІедуьллу. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». Амма халкъо эр ду: „Цу хІумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХІора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“». Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна.
Выбор основного перевода