Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера». Тахана Ас весет деш долу хІара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу. Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу. Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош. Сан бІаьрхиш Хьо волчуьра пхьегІи чу гулделла, Хьан тептар тІехь-м дац те уьш? Шуна лергаш Деллачунна дІахезар дац ткъа? Шуна бІаьргаш Деллачунна дІагур дац ткъа? Хьан бІаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тІехь дІаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода