Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гІуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цІарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хІума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло». Бассалур бу Мисар-мохк, тІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. ‹ХІара Нил-хи сан ду, хІара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш, Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тІе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тІе кхаччалц а. Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш. «Ас дІакхайкхадайтина тептар тІехь долу и неІалт, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иза хІора къуьнан цІа чу а кхочур ду, Сан цІе а йохуш, харц дуй буучун чохь а хир ду. И стаг а, цуьнан дитташ а, цуьнан тІулгаш а хІаллакдина хир ду».
Выбор основного перевода