Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цІера тІехь сагІанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кІен а, бертан а, чагІаран а сагІанаш. И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тІетоьхна а ду, ткъа и сагІанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагІанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгІаташна а тІетоьхна а ду.) ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна. Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода