Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте. Цундела, динан дай, шуьга ду хІара весет. «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела. Ас шух схьайолучу тІаьхьенна таІзар дийр ду. Шун юьхь тІе кхелли кхуссур ю Ас – шайн дезачу деношна аша лерина долчу сагІанийн кхелли. Цуьнца цхьаьна шу а дІакхуьссур ду. ТІаккха кхетар ду шу, и весет левихошца бина болу Сан барт ларбархьама Ас дина хиларх, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ас цаьрца бина болу барт дахаран а, машаран а барт бара. Дахар а, машар а Ас царна дІабелира, уьш Соьга ларамах буьзна хилийтархьама. Иштта хила а хилира – уьш Сан цІаре ларамах буьзна лаьттара, Суна хьалха инзарбевлла бисира. Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. Амма шу, динан дай, нийсачу некъа тІера дІадирзина. Шайн хьехамаш бахьана долуш, дукха нах галбовлийтина аша. Аса левихошца бина болу барт бохийна аша, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьІаьржа дина дІахІиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гІуллакхаш тІехь аша озабезамаш лелабо дела а». Цхьа да вац ткъа вайн? Цхьана Дала кхоьллина дац ткъа вай? ХІунда хуьлу вай вовшашна ямартлонаш лелош, Дала вайн дайшца бина барт сийсаз а беш? «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“. «Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тІаккха аш Ас бохург дан деза.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода