Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеІир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тІе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу. Хьан гІаланаш йоха а йина, царах саьлнаш йина дІахІиттор ю Ас, хьо бассор бу Ас, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагІалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тІехІоьттинчу хенахь, царна тІехь долу таІзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дІаделира, туьре хІаллакдайтархьама. Цундела дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – хьо Айса Іожалле дІакховдор бу аьлла, и Іожалла хьуна тІаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цІий ца Іенош ца сацалора, и цІий хьуна тІаьхьадаьлла лелаш ду. Ас СеІир-лам, шена тІехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тІе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хІаллаквийр ву. Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тІехь а, тогІеш чохь а, массо а Іаннаш чохь а Іохкуш хир ду, туьро хІаллакдина. Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гІаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхІудхошна цара ницкъ бар а, ЯхІуд-махкахь бехк боцучеран цІий Іанор а бахьана долуш.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода