Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
ТІехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. Везачу Эло боху: «Хьо Соьга гІо доьхуш ца кхайкхина, Якъубан тІаьхье, Сан дуьхьа ахь хьайна хало ца йина, Исраилан халкъ. «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. «Сан халкъ! ХІун вон динера Ас хьуна? ХІун гІело йинера Ас хьуна? Схьадийцал Соьга. Аша элира: „Далла гІуллакх дар эрна ду. ХІун пайда бу Цо тІедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран?
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода