Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Делан Йозанаш тІехь яздинчуьнца догІуш ма ду иза: «Якъуб Суна везавелира, ткъа Іесав ца вийзира». Везачу Эло жоп делира цунна: «Ши тукхам ду хьан кийрахь, ши халкъ схьадер ду хьох, амма и шиъ декъалур ду. Цхьаъ вукхул онда хир ду, воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву». Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо, генарчу маьІигашкара Ас схьакхайкхина хьо. Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“. Ас хаьржина хьо, Ас хьо дІа ца тесна. Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дІа а хІоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода