Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц Везачу Элан цІе хастаме хуьлийла. Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а, малх хьалагІоттучу меттера иза дІабузучу метте кхаччалц, Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама. Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац. буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. «ГІаттахьа, серлаялахьа, Ярушалайм, хьан серло схьа ма еана, Везачу Элан сийлалла хьуна тІехула хьала ма яьлла! Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь. Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе. Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас. «Сох лаьцна ца хоьттучарна Со вовзийтина Аса, Со ца лехначарна Со карийна. Сайн цІаре доІанца кхойкхуш доцчу халкъе: „Со кхузахь ву! Хьуна гІо дан кийча ву!“ – баьхна Ас. Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац! ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода