Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. «ХІора дийнахь сагІа доккхучу кхерча тІехь цхьа шо кхаьчна ши Іахар сагІина боккхур бу ахь. ТІехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. БІаьрзе я лазийна, я цІармата, я цомгуш долу, я даьІнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина сагІа санна, сагІа доккхучу кхерча тІе ма дилла. Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тІехь цхьа айп делахь, астагІа я бІаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагІина лерина дІа ма ло иза.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода