Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. «ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІевеана Іаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагІа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, сагІина далийна дийнат старгІанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. ТІехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву. Цо элийн синош дохадо, лаьттара паччахьаш кхерабо.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода