Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. Динан да цІена лара, хІунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагІанаш доху. ЦІена хуьлийла иза хьуна, хІунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цІена ву. Цара хІора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дІа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гІуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш». Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода