Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела. Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Нагахь хьан кІен сагІа кхийрачу пхьегІи тІехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. Бепиг дакъошка а декъий, цунна тІе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кІен сагІа ду. Нагахь хьан кІен сагІа ялгІу тІехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кІен демах дина хила деза. Иштта кечдина кІен сагІа Везачу Элана схьада. Динан дега дІакховдаде иза, цо кхерча тІе дуьллур ду и сагІа. Динан дас, схьа а эцна, кхерча тІехь сагІин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела.
Выбор основного перевода