Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегІи тІехь кечдан деза. ТІаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кІен сагІа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догІу кІен а, чагІаран а сагІанаш а.
Выбор основного перевода