Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь. Везачу Эло АхІароне элира: «Аса-Айса хьан кара дІаделла Суна лерина деана совгІаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хІуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кІенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дІало. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Выбор основного перевода